Chechnya 095
Тэг: [095] Веб: Официальный веб-сайт Фанаты: 27 Создано: 24.11.2012
Основатель

Презентация взвода

raidcall ID 11783570
дуьчш олуш


Буьйсанна борз ехкаш дуьненчу девлла тхо,
1уьйранна лом уг1уш тхан ц1ераш техкина.
Аьрзонийн баннашкахь наноша дакхийна,
Тархаш т1ехь дой хьийзо дайша 1амийна..
Халкъана, махкана наноша кхоьллина,
Цаьршинна эшначохь, майра д1ах1иттина.
Ламанан лечарчий маршонехь кхиийна,
Халонех, бохамех курра чекхдийлина.
Мокхаза ламанаш даш хилла лаларах,
Дахарехь, къийсамехь яхь оха д1алур яц!
Бос 1аьржа ва латта молханах лелхарах,
Тхешан сий доьхкина, тхо лаьтта доьрзур дац.
Тхо цкъа а цхьанненна къарделла совцур дац,
1ожалла, я маршо - шиннех цхьаъ йоккхур ю?
Йижараша тхан чевнаш эшаршца ерзайо,
Хьомсарчу б1аьргаша хьуьнаршна г1иттадо.
Мацалло хьовзадахь, орамаш дуур ду,
Хьогалло тхаш б1арздахь, бецан тхин мийра ду!
Буьйсанна борз ехкаш дуьненчу девлла ду,
Халкъана, махкана, Далла а муьт1ахь ду.
 

Лента взвода

Больше событий нет